Семинар "Ненан мотт - марзонан хьаьркаш"

30.10.2023

1алашо: кхиархочун белхан эвсаралла,  кхиархойн кхиамаш лакхабохуш, меттан хьал тодарна оьшуш х1ун ду, цуьнан кхана дог1учуьнца з1е ца хадийта -хаттар дийцаре дар, дагадовлар, жам1аш дар;

Т1екхуьучу чкъорана оьздангалла, яхь, лерам, къинхетам, доттаг1алла, адамалла  иштта кхин долу вайн къоман хазна довзийтар. 

«Нохчийн мотт вайн  дахарехь х1ора  нохчийчуьн а вайн нохчийн халкъан а уггаре доккха дакъа лоцуш бу кхечу меттанел а. Царна юккъахь хьалдолуш хиларца шен меттиг д1алоцуш бу вайн нохчийн мотт. Кхечу къоман мотт хаар ч1ог1а пайдехь ду, иза доккха хьекъал а ду. Амма шен мотт д1а а тесна 1амабе аьлла дац иза  шен ненан мотт уггаре а хьоме хила беза стеган. Вай нохчийн мотт ларбан беза, к1орггера 1амош хууш хила веза, баржош хила веза шена хууш долчух кхечунга пайда а оьцуьйтуш. Нохчийн Культура, 1адаташ, г1иллакхаш д1ахьехар уьш довзийтар х1ора хьехархочуьнан  декхар ду. Вайна  т1ехь доккха  декхар ду  деккъа нохчийн матте болу безам 1амор доцарг а, иза ларбан 1амор а кхин д1а и бовзийтар, цуьнан мехала хилар 1амо а.  Тахана вай  д1ахьоьхуш  хила деза берашна шен къоман культура йовзийтар адам довзийтар ша муха лела веза хаийтар вайн нохчийн 1адатехь Дала вайна яккха еллачу хенахь.     Тахана вайна х1оьттинчу хьолехь мехала ду  берийн бешарчу кхетош кхиорхоша  1амош хилар берашна вай нохчийн 1адаташ, г1иллакхаш,  культура, шайн мохк бовзийтар а. Доккха ни1мат ду иза цу хенахь бераш дуккха а кегий хуьлу ишколехь болчаьрга хьаьжча,  делахь а цаьрца дукха  къахьега деза аьлла ца 1аш,  болх беш бу вайн кхетош кхиорхой. Цу кегий берашца ишта къахьега а,  уьш т1елаца   доккха собар а,  хьуьнар а деза.  Шайна хуьла къинхьегам ца буьйцуш шаьш царна д1адийца ма деззачу куьцехь цаьрца къа хьоьгуш схьабог1уш бу уьш. Дала меле диллийла цара цу берех мел туху куьг а. "Жимачохь 1еминарг т1улга т1е яздина йоза ду" олуш вайн дай кица ду. Жималлехь дуьйна дуьцуш 1амош хила деза шен бере дас нанас а шай къоман юкъехь лела 1адаташ.

Мотт вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре ца хилча йиш йоцу гӀирс бу. Иза хьекъалан а, ойланан а хазна ю. ХӀора халкъан ненан мотт — цуьнан дахаран хазна ю. Ненан мотт хӀора къоман а, хӀора халкъан а оьздангаллин бух бу. Иза кӀорггера дика Ӏамор вайн декхар ду.