Ненан мотт - дахаран хазна"

25.04.2023

 

Вайн къоман дахарехь  даздеш долчу денойх  хаза дерг а, вайн къоман  сийлахьчу денойх дерг а, цхьаъ лоруш ду  Нохчийн меттан де. Иза даздо вай х1ора шарахь 25-чу апрелехь. Стеган къам къастош берг буьйцуш болу мотт бу.  Мотт - вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт- вайн къоман а,  х1ора нохчичун  а дахаран хазна ю.                                          25-чу апрелехь Гуьмсан  къоштара "Туьйра" ц1е йолчу берийн бешахь  д1аяхьира нохчийн маттана лерина «Нохчийн мотт- дахаран хазна» аьлла мероприяти.  Оцу мероприятехь дакъалоцуш бара лакхарчу "Седарчий" ц1е йолчу  тобанера кхиорхой . Кхетошкхиорхочо а, кхиорхоша а  дика кечам бира цу мероприятина. Байташ йийцира, йиш лекхира, хелхарш гайтира, нохчийн кицанаш дийцира, забаре сценка хоттийра.

Шен даймахке бакъболу безам хила тарлуш дац, шен ненан матте безам цуьнан бацахь. Шен къоман матте бен доцуш хьоьжуш верг - акха ву. Иза дахарехь зуламе ву, х1унда аьлча, шен ненан матте бен дацаро гучудоккху шен къоман д1адахнарг а, х1инца долушдерг а, кхана хиндерг а, цунна бен-башха цахетар. Ч1ог1а самукъане д1аяьхьира нохчийн маттана лерина йолу хан.

Дала ненан мотт беза, цуьнан сий дан, иза к1орггера бовза а ницкъ лойла вайна.